(*a×2)Доьххьара хьо гича нур догу б1аьргашна
Ц1еххьана безамо ов туьйхира
Ойла д1а ийцира синтемах яькххина
Сай деган къайленаш ас хьоьга йийцира

Кхолламан стиглара къегира седа
Сан ирсан дакъа хиллера хьо
Сан ирс хиллера хьо
Вай къастахь лан лур дац сан даге теша
Сан ирсан дакъа хиллера хьо
Сан ирс хиллера хьо

(*b×2)Ахь хаза дийцира со хьайха теша еш
Б1аьстенан йовхо луш сан дахарна
Веларца хьаьжча хьо сан беснеш яга еш
Мархашка делира къона дог кийрара

Кхолламан стиглара къегира седа
Сан ирсан дакъа хиллера хьо
Сан ирс хиллера хьо
Вай къастахь лан лур дац сан даге теша
Хьан ц1арца са доь1уш ехаш ю со
Хьан дуьхьа ехаш ю со

Ехаш ю со. Ехаш ю со.